«Дайн кхача» проект а, цо т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь, культурин код (или г1иллакх-оьздангалла) 1алашйарехь лоцуш долу дакъа а.
Нохчийн кхача кечбарехь Т1ехьа-Мартан к1оштан къоначу йахархочун говзалла йовзуьйтур йу. Иштта к1оштан башха а, исбаьхьа а меттигаш а йовзуьйтур йу хьовсархошна:
- ширачу Валаргт1ера Лермонтовн ц1арах музей а;
- д1адаханчу б1ешерийн дахар дагадог1уш йолу шира хьер а;
- контактан ферма йолу исбаьхьа бахам а.
Диц ма де лахьанан беттан 17-чу дийнахь 19:30 «Грозный» телеканалехь «Дайн кхача» керлачу выпуске хьовса!






























