Нохчийн йаздархочун Яралиев Юсупан байт «Цу беран даггара…» – иза кхайкхам бу ала мегар ду, сихачу дахарехь вайн берийн дуьне тидаме эцарехь само йойтуш.
Беран дог шатайпа цIена, экаме гIайре йу. Вай, даккхийчара, цкъаццкъа ларамза тIехтуьлуьйту беран делакъажар йа беран делхаозор, цуьнан жимчу дахаран баккхий сатийсамаш, цуьнан буйнал долчу деган кIоргенийн къайленаш…
Берана бала ца кхочу вайн девнашца, вайн оьгIазлонашца, вайн мекарлонашца. Берана вайгара хьехамаш ца оьшу, берана вайгара масалш оьшу.
Къоман кханенан кха тIехь дIадийна башха зезагаш ду бераш. Церан йаххьаш тIе хазахетар хIоттор, уьш ийманехь, гIиллакхехь кхиор – и дац ткъа вайн хIораммо а къоман кхане кхиорехь деш долу беркате гIуллакхаш?!
Кху байтан чулацамо гойту-кх вайна, мел мехала ду берашна дагахь доцу гергарло, цхьажимма даккхийчу дезаршна йуьстах а девлла, шайна – дахаран кегийчу векалшна – вай тидам бар, шаьш хьастар а, шаьш хастор а…
Дала беркате тIаьхье кхиайойла вайн къоман!