Лаарх мах хадалур боцуш, хазалла йусталур йоцуш, ценаллин йист карор йоцуш, шен къоман маргал санна гайгане, лекхачу лаьмнел исбаьхьа, дуьненан дерриге дика шена ала догуш бу ненан мотт.
Оьрсийн матте гочдича, «материнский язык» бохург ду иза. Ткъа шаьш оьрсаша «родной язык» олу. «Ненан мотт» аьлла, кху маьлхан дуьненахь уггаре йеза, мерза, кеда йолчу ненаца дустаро гойту, нохчаша шайн меттан мел сий деш хилла.
Дукха хенахь дуьйна иштта лаккхара мах хадош лерина бу вай вешан мотт. Нохчийн къоман истори аламат чолхе, лазаме йу. Массо хенахь шайн сий дайъина, шаьш гора хитто гиртинчу мостагашца темаш деш, эгна нохчий. Мохк а, мотт а ларбархьама, синош дадалар дукха ца хетта царна.
«Таьхьлонан дуьхьа», бохуш, ца кхоийна цара шайн а, шайн берийн а догмаш. Ткъа таханлера хьал гича, шайх вай деш долу дозалла, цара вайх дийр дарий-те?
Муьлхха къам дийна хиларан коьрта билгало йу цуьнан буьйцуш мотт хилар. 2009-чу шарахь ЮНЕСКО-с йукъара дабала кхерам бу аьлла билгалбаьккхина вайн мотт.
«Бакъ дац! Дуккха а наха буьйцу ненан мотт. Кеззиг бу иза ца буьйцурш», – ала тарло.
Амма, вайна мел ца дезарх, бакъдолу хьал лазаме ду. Хийла бераш хуьлу вайн, ненан маттахь дийца а ца хууш, шайга бохучух а ца кхеташ, оьрсийн мотт буьйцуш. Лазаме дац иза церан дайшна-наношна, шайн галат ца хета царна иза. Мелла а, дозалла до цара, шайн берана оьрсийн мотт хаарх.
«Со ара ваьлла, гали йуккъе ваьлча, хинцалерчу кегийрхоша оьрсийн дешнаш йукъа детташ, оьрсийн мотт лелош, нохчийн маттахь вистхилар эхь ду аьлла коьртехь чагделла долуш, уьш сайна гуш, чога дагчу ца тарло, йа цкъа а тар ма лойла. И бийца ца хаарал сов, нийса йазйан хууш доцчу адамах атта чам а ма ца боьду (и бохург дац, даккхий дийцарш йаздан хаа деза бохург, амма «повседневный, элементарный» дола дош муха йаздо хууш ца хилча, суна лазаме ду-кх иза), нохчийн маттахь йешар дуьйцур дац, хунда аьлча иза вайн йоккха ледарло йолу дукха хан йу, классехь дешархошна йукъахь и нийса йеша хууш кезиг хиларна», - иштта йалхайо шен лазаме ойла вайн цхьана махкахочо.
Хир дац цхьана а ден сий, шен къоман, шен меттан сий ца дечун. Уггаре деза леринарг лардан ца хиинчунна, доьналлица ваха ницкъ кхочур бац. Ткъа дахаран чолхечу новкъахь цкъа шен сий дожо бахьана даьккхинчунна кхида корта айина лела меттиг йац. Кийча хила веза хора а шен йахь да ца йала, це бех ца йан, дуьненчохь мел веха цхьанна хьалха гора а ца хуттуш, хазачу дуьнене даваха.
«Мотт бац - къам дац!» эрна ца аьлла.
Хир дуй сий шен къам ца дезачун? Дезар дуй шен къам мотт ца лоручунна? Ша схьаваьлларг ца дезар — ша ца ларар ду. Меттан сий ца лардар ша шен хама ца бар ду.
Ненан мотт бицбинарг ша шех ваьлла ву, хунда аьлча шен цхьа деза дакъа ду цо кхоамза тесна дуьтуш дерг. Стага буьйцучу матте хьаьжжина хила тарло цуьнан дахар, олуш ма-хиллара, "Ахь динчу доанех терра хира ду хьан валар а".