Нохчийн халкъана уггаре а маьнечу денойх цхьаъ ду тахана – Нохчийн меттан де
25 апреля 2026, 12:32
Нохчийн халкъана уггаре а маьнечу денойх цхьаъ ду тахана Нохчийн меттан де.
Иза билгалдоккхуш ду 2007-чу шарахь дуьйна.
Хетахь Нохчийн меттан де дакхайкхоран хьокъехьчу Указна (207 / 11.05.07) куьг йаздира Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дадолорца оьрсийн мотт а санна, нохчийн мотт а бу пачхьалкхан мотт аьлла Нохчийчоьнан Конституци техь билгалбина.
Источник: Вести республики