Хьомсара доттагIий! Оханан беттан 25-гIа де – Нохчийн меттан де хилар билгалдаьккхина ду НР-н Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин кIанта Кадыров Рамзана шен Указца! Цу дийнан, даима санна, ларам беш, «Грозный»...
Хьомсара доттагIий! Оханан беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де хилар билгалдаьккхина ду НР-н Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин кIанта Кадыров Рамзана шен Указца! Цу дийнан, даима санна, ларам беш, Грозный НПТРК-с дIайолайо керла рубрика Поэзин мIаьргонаш.
Грозный телеканалан векалша йовзуьйтур йу шуна нохчийн къоман йаздархойн байташ. Уьш хир йу Даймахках, дахарх, безамах, Iаламах, иштта кхидIолчух а лаьцна. Нохчийн матте безам кхолларан а, вайн сийлахьчу йаздархойн говзарш йовзийтаран а Iалашонца оха хазахетарца дIаболийна бу хIара беркате болх. Къоман мотт ларбаре а, Iалашбаре а кхойкху оха хIора а нохчийн къоман векал.
Грозный телеканалан эфирехь а, тхайн социальни машанашкахь а оха йукъ-кара шун тидаме йохкур йу Поэзин мIаьргонаш. Ларйе тхан эфир! Ларбе нохчийн мотт! Сулейманов Ахьмадан Лойша суна байт дIайоьшу НР-н хьакъйолчу журналиста Сулейманова Разета.