Кхойкху шуьга Нохчийн Республикин къилба агор йолчу меттиге – Шаран кошта.
Хьовса «Дайн кхача» программин хокху декъехь:
Кхункхаш" нохчийн къоман шира кхача кечбар.
Баккхийчара лору а, кегийчара схьаоьцу а адаташ. Нохчийн халкъо хьаша телацар а, иза ларар а. Са далоцу, ойланашца беннаш шерашка хьалха давуьгу меттигаш – Шаройн баьвнийн комплекс.
Иштта, муьлха бецаш йовлу Шарахь, царах долу дарба а. Йаханчу хенашкахь вайн дайша дарба муха лелош хилла.
Хьовса «Дайн кхача» программи "Грозный" каналехь лахьанан беттан 5-чу дийнахь 19 сахьт 30 минот йаьлча.







































