"Сан Г1ала"
1уьйре хазлуш г1отту хьоьца,суьйре ирсе йу.
Сан хьомсара Г1ала, суна хьо ма хьоме йу.
Хьан маьршачу бахархошка маршалла ду сан.
Хьоьца йакхха йисна зама нигат хилла сан.
Тийна амал шен ца хуьйцуш дог1у Соьлжа хи.
Хазаллийца хьоьца къовса хир йац Г1ала кхин.
Стиглано шен мара къуьйлуш
хьаннаш техкайо.
Зезагаша Малхе кхийдаш 1алам къагадо.
Моссо къаьмнаш хьан чохь деха, мерза иэделла.
Хьан урамаш,хьан х1усамаш керла хазъелла.
Маьршачу хьан лаьттахь кхуьу къона безамаш.
Декъал хила, ирсе хила йог1у т1аьхенаш!
Деза хета суна, Г1ала, хьан исбаьхьа сурт.
Ирсе хета йокхху зама, хьоьха 1ехалуш.
Йахалахь, сан хьоме Г1ала,денна хаз а луш,
Тхо д1адахарх хан чекхйаьлла,т1аьхьенна къонлуш!
Автор - Умханова Тоита.
Д1айоьшург - Нагаев 1аднан.
Мукъам - Кантаев Ибрах1иман.