"ГЕНАРЧУ ДАЙМАХКЕ КЕХАТ... " - иза къоначийн аз ду - дуьне довзар дlадолалуш, хийрачу мехкан дахаро шен мотт, шен гlиллакхаш, шен бакъонаш схьакхийдошшехь, амма синкlоргенехь гlуьттучу ненан меттан цlарах хьуна хьо мила ву хоуьйтуш, хьуна хьайн мехкан верасалла тlедожош...
"ГЕНАРЧУ ДАЙМАХКЕ КЕХАТ.. " - иза къеначийн аз ду - дахаран чолхечу хьелаша шайн догlмаш махкана генадаьхнехь а, шайн синош, гlан-набарийн ойланашкахь мехкан лаьмнийн тархашца, йоьхна-йаьгначу бlаьвнийн сонашца сецош. Кху дуьненахь тlаьххьара гурболу малх шайн мехкан регlан тlехьа дlабузуш тергалдар а, тlаьххьарчу хlусаме - лахьте верзош - шен мехкан лаьттаца дlахьулвар а дезаш...
"ГЕНАРЧУ ДАЙМАХКЕ КЕХАТ... " - иза нохчийн сатийсам бу - цкъа мацах-маццаха дуьйна схьа кху Даймахках лаамца-лаамза къеста безначийн тlаьхьенаш кху мехкан латта тlехь цхьана гуллуш, цхьа мотт буьйцуш, муьлххачу а гlерана - цхьа буй хилла, муьлххачу а кхерамна - цхьа суй хилла, хlокху мехкан хилларг дендеш, хиндерг лардеш, цхьа къам хилла дlахlитта lалашо йолуш...
Дала ма хьегадойла вай Даймахках, дайн лаьмнех, дайш кешнех! Дала lалашбойла Нохчийн мохк!