Оха кхойкху шу самукъане некъ бан Ведан к1оштахула тхайн керлачу «Дайн кхача» ц1е йолчу проектехь
Оха шуна йоттур мохь тоьхна сискал, цуьнан чоман башхаллаш йовзуьйтуш. Кхочур ду, ша йолчохь зама сецначух хеталучу, Тевзанара ширчу хьера. Совцур ду туьйранех тарйелла таханлерчу дийне йаьллачу ширчу мехкан хехойн г1опе-Хой. Иштта дуьцур ду Кавказан исбаьхьа жовхар - Къезан 1ам х1оттарах нохчийн шира дийцар. Хьошалг1а г1ура ду Махк1ат1ера, дайшкара дуьйна схьа дин лелоран а, 1алашбаран а говзалла ларйечу говрашлелорхо волчу.
Ларйе тхан Ведан к1оштан исбаьхьа хазалла гойтуш, истори а, культура а, гастрономи а цхьана йуьйцина керла программа. Хьовса - товбецан беттан 1-чу дийнахь 20:30 НПТРК «Грозный»!