Нохчийн кхачанах дуьйцучу керлачу проектехь Шелан к1ошта кхойкху оха телехьовсархой! Шуна йоьвзура йу б1ешерашкахь дуьйнна наноша шайн йо1аршна йовзуьйтуш хилла йолу чомехь кхача кечбаран къайленаш
17.05.2025, 13:54
Нохчийн кхачанах дуьйцучу керлачу проектехь Шелан к1ошта кхойкху оха телехьовсархой! Шуна йоьвзура йу б1ешерашкахь дуьйнна наноша шайн йо1аршна йовзуьйтуш хилла йолу чомехь кхача кечбаран къайленаш. Иштта а оху дуьйцура ду Дуби-Эвлара х1аваэхь кхозучу т1айнах а, бовзуьйтура бу дечигах башха х1уманаш йан хууш болу меттигера пхьераш а.
Шелара доккхачу маьждигехь а хир ду вай, цуьнан шатайпа истори а йуьйцуш. Гермчигара музей а кхочур ду вай, дайн 1ер-дахарах дуккха а х1ума довзуьйтуш.
Хьовса дайн кхача программе х1утосург беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанинн эфирехь!
Источник: Telegram-канал "ЧГТРК "Грозный""