Мел хаза бека нохчийн мотт! Шерийн кIоргенера схьа шен чулацаме зиэделларг долчу къанойн хьехаршкахь а, цаьргара масал оьцуш, церан хьекъалечу къамелех пайда оьцуш, вайн тIекхуьучу къоначу тIаьхьенийн аьзнашкахь.
Ткъа вайн дегнаш чохь сатийсам а кхоллало-кх: шен меттан сий-ларам беш, цуьнца гергарло ца хадош, къона тIаьхье вайн кхиахь, нохчийн мотт, нохчийн мохк а Iалашлур бу, ткъа и кегийрхой кхана вайн мехкан а, меттан а верасаш хилла дIахIуьттур бу аьлла! Цундела шен нохчийн маттахь мел олу дош цуьнан исбаьхьа хазна йузарехь цхьа жовхIар ду!
Цу Iалашонца оха шун тидаме йуьллу Умханова Тоитин байт «Нохчийн мотт», Нагаев Iадлана дIайоьшуш. Дала тIаьхье беркате йойла!