Лараме Нохчийн Республикин МЕХК-ДА АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН, хьоме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Нохчийн мотт – иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман син-оьздангаллин билгало а йу иза.
Нохчаллехь вай чIагIдеш долу хIара ниIмат, ДЕЛАН пурбанца, вайна делла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА гIазот къобалдойла цуьнан).
Ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу чкъурашка иза къоман синан тIаьхьало санна дIакхачор а – иза вайн деза декхар ду. Тахана и гIуллакх республикин куьйгаллин тергонехь ду. Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНАН дIадолорца хIиттийна ненан мотт Iалашбаран а, кхиоран а леррина йолу программаш йу. Иза бахьанехь жигарбаьлла нохчийн меттан хьокъехь болу талламан болх а, школашкахь а, лаккхарчу дешаран хьукматашкахь а лакхадаьлла нохчийн мотт а, литература а хьехаран тIегIа.
Хьоме доттагIий! Вай нохчийн мотт ларбан а, Iалашбан а, кхио а, вешан историна муьтIахь хила а, цуьнан баххийн ларам бан а декхарийлахь ду. Везачу ДАЛА гIо дойла вайна цу тIехь. ДАЛА тIаьхье беркате йойла вайн!