Адам Делимханов: Лараме ВАША - АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН! Пачхьалкхан Думин депутатийн а, Нохчийн Республикин цlарах болчу Россин Федерацин сенаторийн а, сайн а цlарах даггара декъалво Хьо а, дерриге нохчийн халкъ а Нохчийн...

Лараме ВАША - АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН! Пачхьалкхан Думин депутатийн а, Нохчийн Республикин цlарах болчу Россин Федерацин сенаторийн а, сайн а цlарах даггара декъалво Хьо а, дерриге нохчийн халкъ а Нохчийн меттан денца!

Вайн рузманехь а, вайн дахарехь а къаьсттина меттиг дlалоцу оцу дийно. Ненан мотт-иза муьлххачу къоман, синкхетаман, гlиллакх-оьздангаллин, культурин боккха бух а, лард а йу. Нохчийн халкъан даима а доккха хьашт хилла шен матте. Стеган къам къастош берг - буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан, хьекъалан, дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу.

Нохчийн Республикин МЕХК-ДАС, сан ХЬОМЕ ВАШАС Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА 2023-г1а шо «Нохчийн меттан шо» аьлла д1акхайкхийна дара. 1аламат мехала хилам бара и нохчийн къоман исторехь. Нохчийн мотт бийцарехь, 1аморехь а 1едалан низамца нийса а дог1уш жигара къахьоьгуш бу Куьйгаллин векалш. Вайн аьтто бу дин, ламасташ, гlиллакх-оьздангалла лардан а, истори йовза а, культура кхио а, кхачам боллуш иза массарна а йовзийта а.

Сийлахь волчу Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА гlазот къобалдойла цуьнан) боккха тидам тlебохуьйтура мотт ларбарна а, кхиорна а, баржорна а. Нохчийчоь тlеман цlергахь йолчу хенахь а цо даима гlo дора ненан маттахь литература кхиорехь къахьоьгучу йаздархошна а, нохчийн маттахь иллеш олучу иллиалархошна а, кхиболчу кхоллараллин интеллигенцин векалшна а. Шен Дас дlаболийначу новкъахула вогlучу МЕХК-ДАС, Россин Турпалхочо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА шен ницкъ кхочург а, цакхочург а дерриге деш ду мотт кхиорехь а, йукъараллин дерриге дакъошкахь кхоччуш иза лелорехь.

Хьоме махкахой!

Вайн дийнна халкъана дезде ларалуш долчу х1окху дийнахь, ас даггара декъалдо шу! Ондда могашалла, аьтто, ийман-беркат, цхьаалла, нохчийн мотт кхиорехь, ларбарехь баккхий кхиамаш хуьлийла шун! ДАЛА ларбойла вайн нохчийн мотт! ДАЛА тlаьхье беркате йойла! АХМАТ-СИЛА! АЛЛАХlУ АКБАР!!! #Кадыров #Делимханов #Россия #Чечня

Автор: Адам Делимханов

Топ

Лента новостей