«Вайнах» пачхьалкхан телерадиокомпанис «Даймохк» газетаца цхьаьна «Нохчийн меттан хазалла а, цуьнан дозалла а, иза алашбаран мехалла а» аьлла це йолу Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар дайаьхьира

«Вайнах» пачхьалкхан телерадиокомпанис «Даймохк» газетаца цхьаьна «Нохчийн меттан хазалла а, цуьнан дозалла а, иза алашбаран мехалла а» аьлла це йолу Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар дайаьхьира. И даздар Нохчийн Республикин Мехк-Ден, сан хьомсарчу ВЕШИН Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тедилларца билгалдоккхуш ду ши эзар ворхолгачу шарахь дуьйна. Мероприятехь дакъалецира телерадиокомпанийн векалша а, поэташа а, иллиалархоша а, дешархоша а, студенташа а.

«Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара цхьанакхетаро шена бинчу театкъамах лаьцна дийцира. Иштта, цо билгалдаьккхира нохчийн мотт къоман цхьаллин билгало хилар а. Мотт, культура санна къоман йуьхь йу. Ишттачу гуллакхаша дерриге а къомана пайда бохьу. Карарчу хенахь мотт амон кхоьллинчу хьелаша мотт ца хааран а, амо ца лааран а цхьа бехказло ца ло.

Нохчийн мотт вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала газот къобалдойла Цуьнан!). Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавогуш ву Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо, сан хьомсара ВАША Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза гиллакхаш, адаташ, ламасташ массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш бехийла вайн нохчийн мотт!

Источник: Telegram-канал "Ахмед Дудаев"

Топ

Лента новостей