«Вайнах» Пачхьалкхан телерадиокомпанис «Даймохк» газетаца цхьаьна «Нохчийн меттан хазалла а ,цуьнан дозалла а , иза 1алашбаран мехалла а» аьллачу девизехула «Нохчийн меттан денна» лерина мероприяти д1айаьхьира

«Вайнах» Пачхьалкхан телерадиокомпанис «Даймохк» газетаца цхьаьна «Нохчийн меттан хазалла а ,цуьнан дозалла а , иза 1алашбаран мехалла а» аьллачу девизехула «Нохчийн меттан денна» лерина мероприяти д1айаьхьира . И даздар Нохчийн республикан Мехк-Дена Кадыров Рамзанан т1едилларца билгалдоккхуш ду ши эзар ворх1алг1ачу шарахь дуьйна.

Мероприятехь дакъалецира телерадиокомпанийн векалша а, поэташа а , иллиалархоша а, дешархоша а , студенташа а .

«Даймохк» газетин коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара цхьанакхетаро шена бинчу т1е1аткъамах лаьцна дийцира . Иштта , цо билгалдаьккхира, нохчийн мотт - къоман цхьаллин билгало хилар а .

Мотт а ,культура санна къоман йуьхь ю. Ишттачу мероприятиша дерриге а къомана пайда бохьу.Карарчу хенахь мотт 1амон кхоьллинчу хьелаша - мотт ца хааран а , 1амо ца лааран а цхьа бехказло ца ло .

Источник: Telegram-канал "ГТРК "Вайнах""

Топ

Лента новостей