Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца дакхайкхийначу Нохчийн меттан денна лерина Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зенийн, зорбанан, хаамийнж министерствон гоьнца, Къоман "Даймохк" газето дакхайкхабо тоьлла статьяш йазйаран къовсам — "САН НАНА — НОХЧИЙЧОЬ"
8-11-чуй классашкарчу дешархошна йукъахь дахьош бу и къовсам.
Оханан беттан 15-га де кхаччалц daimoxk@bk.ru адресца а, 8(965)962-62-02 лоьмарца а схьаоьцу къовсаме белхаш.
1-3-гий меттигаш йаьхначу дакъалацархошна мехала совгаташ дийр ду.
Дакъалаца къовсамехь!