"ДАЙМЕХКАН АЗ". Лараме махкахой, тIе­кхочуш ду Нохчийн Респу­бликин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца дакхайкхийна долу Нохчийн меттан де. Цу денна лерина «Дай­мохк» газето, Нохчийн Республикин къоман...

9 апреля 2026, 20:47

"ДАЙМЕХКАН АЗ"

Лараме махкахой, тIекхочуш ду Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца дакхайкхийна долу Нохчийн меттан де.

Цу денна лерина Даймохк газето, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна дIакхайкхабо "ДАЙМЕХКАН АЗ" болам. Йеша хIораммо а вайн маттахь. Йеша вайн Даймахках, Нохчийчоьнах, нохчийн маттах шайна хазахеташ йолу байт, дийцаран кийсак.

БОЛАМЕХЬ ДАКЪАЛАЦАР:

1Нохчийн маттахь байт, йа йозанан кийсак йешар видео те дайаздар;

2Видео социальни сеташкарчу шайн агонашка хоттор;

3"Даймохк" газетан аго билгалйар;

4Видео хокху лоьмарца схьайаийтар: 8(965) 962-62-02.

Больше новостей на Grozny-news.ru