БЕРИЙН КЕРЛА ПРОЕКТ «БАБИН ТIОРКАЗ» – «ВАЙНАХ» ТЕЛЕКАНАЛАН ЭФИРЕХЬ!
Лараме телехьовсархой! Оха шу тидаме йуьллу берийн керла проект «Бабин тIорказ». Проект тIехьажийна йу берашна нохчийн мотт марзбарна а, Iер-дахарехь нислуш долу дика масалш довзийтарна.
Проектан гурашкахь вайн кегийчу телехьовсархойн аьтто хир бу шайн синкIоме долу хаттарш леррина билгалйинчу ломар тIе схьатасар (8-938-910-11-15). Ткъа царна дуьззина жоьпаш карор ду «Бабин тIорказ» чохь!
Х1ун ду берашна довза луург? Муха харжам бан беза вай кегийчу доттагIаша чолхе хаттарш шайн хьалха хIиттича? Бабин хьекъалечу хьехаршкахь берашна девзар ду дика-вон къастор, мотт а, мохк а безар, да-нана, йиш-ваша, доттагIий ларар, Iалам лардар, иштта кхидIа а.
Ткъа и дерриге довза шун а аьтто хир бу оршотан, йеарин, пIераскан деношкахь 21:30 даьлча «Вайнах» телеканалехь! Хьовса, ларйе тхан эфир!