Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо, лараме ВАША Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Иштта декъалдо вайн дерриге а нохчийн къам дезачу денца!
ХIара де републикин дезачу деношна йукъахь сийлахь меттиг дIалоцуш ду. Ткъа регионан куьйгаллин коьртачу гIуллакхех ду нохчийн маттаца йовха йукъаметтиг латтор. Хунда аьлча, мотт – иза уггаре а хьалха хIора а къоман истори хиларна.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) нохчийн къоман мотт а, культура а ларйар коьрта гIуллакх лорура. Цуьнгара гIо хуьлура йаздархошна, журналисташна, меттан Iилманчашна.
Тахана Нохчийн Республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина ненан мотт кхиорна, баржорна. Регионехь ненан маттахь даима а тайп-тайпана къовсамаш, фестивалаш дIахьо, книгаш а, Iаматаш а, дошамаш а арахоьцу. Къоман Лидеран тIедилларца Нохчийн Республикин Мехк-Да волчохь нохчийн мотт Iалашбарехула а, кхиорехула а Экспертан кхеташо кхоьллина.
Хора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман гиллакхаш, дика адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур йац вайга.
Хьомсара махкахой! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
Дала тIаьхье беркате йойла!
АХМАТ – СИЛА! АЛЛАХУ АКБАР!