Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалво Нохчийн меттан денца лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, нохчийн къам а! Вайна беза вайн ненан мотт, цунах дозалла а до вай. Цундела, вайна массарна а уггаре а мехалчех цхьа дезде ду хIара.
Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу». Регионан Куьйгалхо волу Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оьшуш мел дерг до ненан мотт Іалашбарехьа а, кхиорехьа а.
2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Парламенто тIеийцира «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокьехь» долу закон. Цуьнан Іалашо цу къоман уггаре а мехала билгало а, Нохчийн Республикин халкъан йерриге а культурин бух а болу нохчийн мотт Іалашбарна а, кхиорна а гIайгIабар. Оццу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указца йукъадаьккхира Нохчийн меттан де.
Тахана республикехь нохчийн маттахь передачаш йу телевиденехь а, радиохь а. Зорбатухуш ду газеташ, журналаш, арахоьцуш йу книгаш. Вай дозалла до вайн ненан маттахь паргIат къамелаш дан, ненан мотт кхио маршо хиларх. Ас даггара декъалдо шу дерриге а Нохчийн меттан денца! Дала тIаьхье беркате йойла!
Ларамца,
Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Жамалдаев Вахин Шаид